Нохчийн моттДарс: «Ловзоргаш». 1алашо: Берашна керла дешнаш довзийтар: «1уьйре дика йойла!» «1одика йойла!» «Марша дог1ийла», «чак1орни», «лергъяхар, пхьагал», «тайниг», «буьрка». Мукъа а, мукъаза а аьзнаш нийса ала 1амор. Ненан мате болу безам, ларам кхиор. Г1илкх-оьздангалла 1амор. Оьшу г1ирс: тайниг Хеда, буьрка, лергъяхар, чак1орни, т1оьрмаг (ловзоргаш чу ехкина). Дарс д1аяхьар: Кхиорхочо (воспитатель): берийн тидам т1ебохуьйту тайниган х1усамна (комната куклы убрана в чеченском стиле, предметами, которыми раньше пользовались чеченцы в быту). Кхиорхо: Кху х1усамехь ехаш тайниг ю, кхуьнан ц1е Хеда ю. Кхунна нохчийн маттахь бен къамел дан ца хаьа. Хеди 1уьйре дика яьй вай? «Хеда, 1уьйре дика йойла хьан!» Бераша: 1уьйре дика йойла, Хеда! Хеда: «Марша, дог1ийла! Чу дуьйла, охьаховша! Кхиорхочо бераш охьаховша до. Кхиорхочо: Мел г1илкх долуш йо1 ю Хеда. Маршалла а хаьтти, чу а кхойкхи вайга Хеда, оха хьуна дуккха а ловзоргаш еъна. Оха уьш хьуна гойтур ю, йовзуьтар а ю… (т1оьрмиг чуьра чак1орни схьайоккха). Х1ара х1ун ю? Бераша: Медвежонок. Кхиорхочо: Х1ара ча к1орни ю. Алал массара а «Ча к1орни». Бераша а, тайнига а: «Ча к1орни». Кхиорхочо: Х1ара ча к1орни ю. Х1ара х1ун ю? (тоьрмиг чуьра лергъяхар схьаоьцу). Бераша: «Зайчик». Кхиорхочо: Лергъяхар, пхьагал ю х1ара. Кхуьнан лергаш деха долу дела «лергъяхар» олу кхунах, «пхьагал» олу. Алал, массара а … Бераша: Лергъяхар, пхьагал. Кхиорхочо: Х1инца вай пхьагалах лаьцна байт 1амор ю: Пхьагал арахь 1уьллуш ю, Цхьа а цуьнца ловзуш вац. Пхьагал маара къовлур ю, Цуьнца хаза ловзур ду. Мара къовлал массара пхьагал (кар-кара а оьцуш, пхьагал мог1ара чекхйолу). Кхиорхочо: Лергаш, хьоъ охьахаал чак1орнийна юххе, вай дарс д1а хьур ю. Х1ара х1ун ю? (д1агойту буьрка). Бераша: Мячик. Кхиорхочо: Буьрка ю х1ара. Алал, массара а … Бераша: Буьрка. Кхиорхочо: Буьрка ю х1ара. Кхунах х1ун до? Ловзу кхуьнца, ловзий? Хьала г1овттал, го бел, вай буьрка лацарх ловзур ду (проводится игра «Поймай мяч»). Кхиорхочо д1адола до ловзар: «Карина, схьалаца буьрка!» (йо1е буьрка кхуссу, йо1а схьалоций кхечуьнга кхуссу, цуьнан ц1е а йоккхий, масала: «Адам, схьалаца буьрка». Иштта могг1ара д1а хьо ловзар. Кхиорхочо: Кху буьрканаш лаьцна байте ладог1ал: Х1ай, тхан хаза, горга буьрка, Тхоьца цхьаьна ловзахьа! Тхоьга хьайна т1аьхьа кхойкхуш, Аре мел ю ядахьа! Мел дика бераш ду шу! Дагадаийтал, х1ун 1амийна вай тахана… Бераша: «1уьйре дика йойла!» «чак1орни, пхьагал, лергъяхар, буьрка, тайниг». Кхиорхочо: Х1инца, Хеда д1аяха йолу, кхуьнан 1одика йаьй вай? 1одика йойла!» Бераша: «1одика йойла!» Хеда: Марша 1ойла! |